Меню

 

 

.

КАСТОМ

каталог организаций - каталог организаций

23.02.1944 шарахь, бехк а, гуьнахь а доцуш, нохчийн къам Сибарех дахийтина диъ шо даьлла хан яра иза. Дуьххьарлера 2 шарахь яккхий халонаш а, баккхий баланаш а лайна, жимма, чу са дог1уш дара нохчашна. Казахстанехь цхьаьна юьртахь 1ар — дахар долуш вара Шах1би шен доьзалца.
Сарахь кулубе ваханчу Шах1бин шина к1ентан а, кхечу юьртара нохчийн кегийрхойн а дов даьлла хиллера, бахьана а х1оьттина. Луларчу юьртара Валидан к1ант а, кхин а кегирхой хиллера уьш. Оцу девнехь цара, буй - т1ара тухуш, вовшашна муьшкаш йинера боху. Валидг1еран кегийрхошна алсам а кхеташ, адамаш юкъа а доьлла, дирзинера и дов. Цул т1аьхьа и г1уллакх зуламе даладоллий а хиъна, царна юккъехь
машар бан дагахь арабевлира дикалла шайца йолу нах. Уьш бахара Валидг1арна т1е, царна хилла зен алсам хиларна.
Бахана д1акхаьчча, х1орш бог1ий а хиъна, бухахь гулбелла 1аш хиллера уьш. Салам - маршалла а, могуш — парг1ат а вовшашка хаьттина бевлча, масла1атана бехкинчех воккхачо:
«Сталинан омарца бертаза сил дукхабезачу Даймахках а къастийна, кху сийначу Сибарех, хийрачу махкахь хан токхуш ду нохчийн къам. Баккхий баланаш а, яккхий халонаш а лайна, жимма, аттачу даьлла дог1у нохчашкахь долу чолхен хьал. Цабезамаш кхуллуш долу бахьанаш дилийта йиш яц вайн. Кегирхойн ойланаш а, церан кхиар а: къоманна пайде а, Дела резаволуш а - хилитар т1ехь ду вайна!
Шах1биг1еран а, шун а кегийрхошна юккъехь дов хилла бохуш хезна тхуна. Вовшашна буй — т1ара йина боху цара. Дала масла1ат дойла шуна юккъехь! Валар а доцуш, йойна меже а, баьккхина б1аьрг а боцуш и дов дирзина хилар — Дала бина къинхетам бу. Кегийчеран хьаькъал а, собар а ца тоарна хилла дов ду иза. Цара вовшашна йинарг буй — т1ара бен яц. Цхьаьна аг1онна алсам кхеташ а бен ца нисло и саннарг. Шуна чам бар алсам нисдаларна, шоьга дехаре даьхкина тхо. Доьху шоьга, Аллх1ан дуьхьа, шайна хилла вас д1аяккхар а, дов хилла кегийрхой куьйге бахийта тхуна пурба далар а. Х1ара дов кхин д1а ийбарх: хила пайда а, юьхьк1ам а бацара. Кху белхан бала кхаьчна даьхкина тхо шун юьхье: шуна а, Шах1биг1арна а юккъехь - масла1ат хиларе сатесна. Оха бохучун лерам а бай, Аллах1ан дуьхьа масла1те даг1ахьара шу!» - олуш, Валидг1арга дехар а деш, дерзийра цо шен къамел. Кхиболу масла1атана бехкинарш а бистхилира цигахь. Цара а масла1ате кхойкхуш къамелаш дира, шайна хьалхаваьллачо бохург т1еч1аг1деш.
Масла1атана бехкинарш бистхилла бевлча, ладуг1уш 1ийначех, Валидас, воккха а, шегахь хьалхе а хиларна: «Хьадал, г1ой схьаял и кастом» - олуш, шена юххехь волу жимха хьажира дехьа чу. Иза, сихонца, шега бохург кхочушдан вахара. Валидас даг1ертачух ца кхеташ, ладоьг1на 1ара чохь берш. Дукха хан ца йолуьйтуш, вахийтина жимха сехьавелира, карахь 1аьржа бос болу кастом а йолуш. Цо иза д1акховдира Валиде. Хьаьжча гуш дара цу кастоман белш — коьртера чурадаьккхина пхьош.
Валидас кастом шен кара а оьцуш, масла1атана бехкинчарна т1е а воьрзуш: «Оха масла1ат до, Шах1биг1ара х1ара кастом шайна а юьтуш, эца а эцна, тхуна, х1ара санна — ц1ена кастом схьаяийтахь» - олуш, цо и кастом кховдира масла1атана бехкинчарех воккхачуьнга.
Кастом схьаэцна, иза а гойтуш, шен накъосташка хьаьжира масла1атана бехкинчеран тхьамда.
- Иза-м Шах1бис дан мегар ду, и дича масла1ат хуьлуш хилча - элира, царлахь цхьамма. Цо аьллачунна дуьхьало йеш цхьа а ца ваьлча: «Шоьгара хьал а, шун лаам а бевзи тхуна, Валид. Шах1биг1арга доьлху тхо. Дала т1аьхье беркате йойла кху г1уллакхан» - масла1атана бехкинчех хьалхаваьллачо а олуш, арабовла тохабелира уьш. Масла1атана баьхкинарш, Валидера 1адика а йина, д1абахара. Уьш, кхин д1а —
схьа а ца хьийзаш, Шах1биг1еран х1усаме бахара — машар хиларе са а туьйсуш. Бахана х1орш д1акхаьчча, Шах1би а, цуьнан гергарнаш а чохь карийра царна. Салам - маршалла хеттина даьлча, масла1атана хьалхаваьллачо: Валидг1аьрга шаьш дахар а,
цигехь хилларш а — Шах1биг1арна довзийтира. Шен къамел дерзош:«Шах1би, цатам бу шуна а, Валидг1арна а юккъехь. Цхьадика валар а, йойна меже а, кхидолу
цатерриг а дац хилла. Цхьа машар беана оха цигара схьа» - олуш, къамел сацийра хьалхаваьллачо.
«Таккха, машар доккха х1ума ду! Х1ун машар бу Валидг1арна безарг?» - олуш, хаттар дира Шах1бис
Кастом гучу а йоккхуш, масла1атан дас: «Х1ара кастом д1а а эцна, х1ара санна, ц1ена кастом эца а эцна, ахь шайна юхаяийтахь — машар бо шаьш - боху цара. Шуна юккъехь машар хила лаарна, даггара лела тхо. Кхин бег1ийла х1ума каро г1ор а, хьекъал а ца тоарна, зуламал иза г1оле хеташ, хьо волчу даьхкина тхо — хьоьга и машар т1еэцар доьхуш» - олуш, сацийра цо шен къамел, шайна хетарг аларе накъосташка а кхойкхуш. Тхьамдас дина къамел шаьш къобалдар а хоуьйтуш, бистхилира цхьаболу масла1тан тобанан декъахой а.
Шах1бина т1ехьаьжча а гуш дара, иза цу машарна резавоцийла. Машарна юкъабевлларш бистхилла бевлча: - «Девнехь буй -т1ара еш а, т1ера бедар ят1ош а
меттиг нисло. Цхьанна сов зен хуьлуш а бен - дов доьрзуш дац. Аш ма аллара, Делан къинхетам бу: йойна меже а, валар а доцуш - х1ара кху хьолехь хилар. Сан дог гуш Аллах1 ву, Валидера метта со а волуш, уьш сан хьолехь а болуш, кхин гена даьлла х1ума а доцуш х1ара саннарг хилча, и кастом а ца хьехош, шун дехарна жоп дала ницкъ кхочур ма - бара сан. И кастом хьехор яцара вай. Сан ницкъ къаьчнехь х1ара дов хуьлуьйтур дацара ас. Кхуьнах воккхавеш а вац. Сайна хьалхаболчаьрга: нахе харц ма лелаш, воккхачун некъ ма хадабелаш, г1иллакхе хилалаш — диллина боху ас. Со адамаш дезаш ву. Со вац сайна хьалха берш бехказа баха г1ерташ. Дин а, бакъо а къуьйсуш хилла дов дац х1ара. Кегирхойн ас - сой бохург хьалха а даьлла, хьекъал а, собар а ца тоьъна хилла х1ума ду.
Валидас хьехошйолу кастом суна ч1ог1а дагах кхетта. Ледар х1ума хета суна иза кхочуш дар. Шайн дош т1едаккха г1ерта уьш. Дала ца магийнарг ду иза. И кастом ца оьцуш, сайн г1ор кхачахь, Валидарна хетарг дан ойла ч1аг1ъелла сан дагчохь. И кастом, хьой, д1ало цаьрга. Шайна совкхеттарг, юха, схьатоха ала — тохаза 1ашбацахь. Сов ма бовла ала. Амма, нагахь санна, уьш совбовлахь, х1ара дов чолхе дала там буй а хаийта» - олуш, къамел сацийра Шах1бис, шегахь цатам хилар а хаалуш.
Шах1бис къамел диначул т1аьхьа, тийналла х1оьттира цу чохь. Жимма хан яьлча:
«Кастом а ца хьехош, Делан дуьхьа: шайна хилла вас д1аяккхарх а, масла1те бахкарх а — Валидарна иэхье дацара. Хьуна, Шах1би, цуьнах хилла цатам го тхуна. И кастом эцар хьуна ледира хетахь, иза оха оьцур яра. И хьайгара ю ала пурба лахьара ахь тхуна. Шуна юккъера дов диканца дерза лаарна боху хьоьга иза» - олуш, дехаре велира масла1атан да, и дика къонах.
«Х1ун башхалла ю и кастом ас я ахь эцарх — соьгара ю - аьлла, иза аш Валиданна т1ехьош хилча? И кастом ца эцча машар ца хилахь, иза шена а ца оьшу. Валиданна шура а йог1уш, суна ц1ий а дог1уш хир дац, юха х1ара дов долалахь. Со шух кхета. Шу тхуна юккъехь, даггара, машар хила лууш ду. Аш шайн ницкхочург дина. Далла а, нахана а хьалха шу бехказа ду. Аш къахьийги, баккха бехк а боцуш. Ас, даггара, баркалла боху шуна. Х1инца парг1ат хила, шайн г1уллакхаш а деш. Кхин д1а кхуьнах хиндерг Валиде д1ало вай» - олуш, Шах1бис дерзира шен къамел.
Шах1бе ала кхин дош а доцуш: йиш а, дегнаш а доьхна — ц1ехьа бахара масла1атна юккъе бевла и нохчий. Ойла ярх а, ладег1арх а: Шах1биг1арна а, Валидг1арна а юккъехь масла1ат дан г1ор а ца кхаьчна - бисира уьш. Цул т1аьхьа г1еххьа хан елира.
Цхьаьна сарахь, кертахь цхьацца деш воллуш, кетахь цхьамма мохь тухуш хезира
Шах1бина. Г1опал араваьлча, казахийн къомах волу жима стаг вайра цунна кетахь лаьтташ. Маршалла а хоттуш: «Хьо варий соьга кхайкхинарг? Лаа — тара лелий хьо?» - олуш, Шах1бис хаттар дира цуьнга. Казахин к1анта, шена г1ийла хуучу орсийн маттахь, довзийтира кулубехь дов хилар, цу юккъехь цуьнан ши к1ант а волуш. Ладоьг1на 1ашволу Шах1би кхийтира казахин канта деанчух. Шах1би каде чу а вахана, хье ца луш ара а ваьлла — юьртан кулуб йолчу д1ахьаьдира. Д1акхаьчначу цунна: доьдуш дов а дайра, шен шина к1антана г1ело йеш а гира. Девна юкъаиккхинчу Шах1бис шега далург дира. Буй - т1ара ярал совнаха, герз а кхетта, Шах1бин карах стаг а велира (Дала гечдойла цунна), урс а кхетта, Шах1би шен дег1ан дола ца далучу хьоле а кхечира цу девнехь. Гергарчу наха айбина, Шах1би цу меттера къайлаваьккхира.
Валидас кастом ца хьехош а, шега дехар дича, Шах1бис иза оьцуш а масла1ат динехьара - эхье а, эшаме а х1умма дацара царна хила. Масла1ат динехьара: Аллах1 реза а хир вара, нахера баркал а хир дара царна. Йза а, важа а ца деш, шайт1ано бохург а дина, кхин т1е а - чолхечу т1ег1ана делира и дов. Цуьнан т1аьхье, дикка, яхъелира.
Валидара шайн велла стаг д1авоьллира. Шах1би, уьрсо йина йоккха чов а йолуш, гергарчу наха: 1едалах а, ч1ирхойх а ларвеш — дикка хан елира. Шах1би хиллачу чевнах то а велира, 1едална гергахь парг1ат а велира. Цуьнан ши к1ант, 1едало хенаш а тоьхна — йийсархойн лагере д1ахьажийра.
Амма парг1ато яцара Шах1биг1еран доьзалехь. Луралла дара: т1е 1аткъам беш а, сингаттам латтош а. Шах1бис а, цуьнан доьзало а иштта дахаран некъ беш — хан-зама йелира. Нохчийн къам Сибарехара Даймахка дирзина, хьалхара шераш дара уьш.Цу хенахь 75 шо хир дара Шах1бин. Тхан ден, Хучин, гергара стаг вара иза.
«Шен дахарехь диканиг а, вониг а дайна, къонахалла шеца йолуш ву Шах1би. Х1инца а беза мохь бу цуьнан белшашна т1ехь, цо шен дахарехь д1акхоьхьуш. Луралла ду иза. Доьналлех а ца вухуш, шен юьртах а ваьлла, кхечу юьртан йисттехь 1аш ву и: ч1ирхошна ч1ир эца аьттобалийта а, шех цхьанне бала ца бан а» - алара, Хучас, шен гергарчу стагах, Шах1бих, дош олуш.
Цхьаьна дийнахь, 1уьйре д1аиккхина хан яра. «Шах1би кхелхина аьлла, хаам бина соьга. Тезета ца вахча вер вац. Хьайн кечам бе — элира дас соьга. Сихха кечам а бина, тхойша новкъавелира. Воьдуш д1акхечира Шах1биг1ера х1усаме. Х1оьттина тезет а, дуккха а адам дара цигехь - Шах1би д1аверзо гулделла. До1а а дайтина, кадам а бина тхойша тезетахь сецира. Цигехь хиира Шах1би кхалхаран бахьана. Цуьнан валар ч1ирхойн карах хиллера. Шах1би кешнашкахь д1аволлалц а 1ийна, ц1ехьа вирзира Хуча а, со а.
Тхойшиъ ц1ехьавог1уш, новкъахь:«Гора, Шах1би яь1! Сан тешаме гергара стаг вара хьо! Осал а волуш - м ца ваха хьо Далла дуьхьал! Аллах1а гечдойла хьуна, ялсаманехь цхьаьна а тохийла вай!» - элира Хучас, ша-шега, б1аьргех девла хиш а долуш.
Тахана сан да, Хуча, воцуш ву (Дала гечдойла цунна!). Иза дагавеъча, цуьнан хилла гергарлонаш толлуш, Шах1бин хилла чолхечу дахаран ойла йеш - г1еххьа хан токху ас...
«Доккха зулам жимделаш, жиманиг, кога к1ел а диллий — къайла даккхалаш» - олуш, хьехам битина т1аьхьаьнна вайн къонахий хиллачу дайша.
Лакхахь довзийтинчу дийцарехь: адамийн ц1ераш а хийцина, ярташ билгал а ца яьхна вай - цатемах лардалархьамма... Амма иза - хилларг ду. И хилларг кехате дуьллуш къахьегна вай — техьаьнна масалла а, пайде а хиларе са тесна.
Везачу Дала: доьналла а, кхетам а, собар а лолда вайна — зуламах лардала а, иза дижо а!

Хучин Ахьмад

Компании и фирмы Ярославля - http://www.rosorg-yaroslavl.ru