Меню

 

 

.

Кадаман кехат

каталог организаций - каталог организаций

БисмилЛах1ирРохьманирРохьим!

Ассаламу Iалайкум — вежрий, йижарий!

Селхина, 30. 01. 2018 шарахь, Белгехь, кхелхина Яшуркаев Султан. Шен дег1аца цамгар а йолуш — масех баттахь хан текхи цо.

- Кхаа, сий долчу т1ег1анахь хир ву нохчашна юккъехь къонах: куьпана оьшург а, юьртана оьшург а, махкана оьшург а - алара, вайн къонахий хиллачу дайша!
Султан, махкана а оьшуш - нохчийн къоман к1ант вара! Цуьнгахь 1илма а дара, дешан говзалла а яра. Ша яздархо хиларе терра, цхьацца ц1ераш а йолуш, Султана яздина арадаьхна тептарш ду. Къаьсттина, дагах кхеташ ду, цо язйина «Дай боцучу махкахь» олуш, ц1е йолчу байтан дешнаш. И дешнаш доьшуш а, цаьрга ладуг1уш а — нохчочунна б1аьргех хи долу!
Султанан дахаран таллам бича, гучудолу, халонаш лайначу шен къоман лай а волуш, цо хан яьккхина хилар. Султан санна волу нохчо д1акхелхича — къоманна а эшам хуьлу!
Везачу Аллахьа геч а дойла, Ялсамане хьакъ а йойла Султанна! Цуьнан доьзалшна а, гергарчарна а, иман а долу - собар а лолда!

Европехь а, кхечанхьа а Даймахкал арахьа д1атарбеллачу Нохчийн Мух1ажарийн Ассамблеи КъанойнКхеташонан Декъахошкара. 31. 01. 2018 ш.

Компании и фирмы Ярославля - http://www.rosorg-yaroslavl.ru