Меню

 

 

.

Рог1ера Къанойн Кхеташонера - ХААМ

каталог организаций - каталог организаций

Бисмиллах1ир - Рахьманир-Рахьим!

 

12. 05. 1997 шарахь, Москвахь, Россин а, Ичкерин а пачхьалкхашна юккъехь Машаран Ч1аг1ам бина 20 шо кхачарна лерина, 15. 05. 2017 шарахь, Брюсселехь д1аяьхьначу Дуненаюкъара Конфиренцех дош олуш, дийцарш дира рог1ерачу Къанойн Кхеташонехь.
Цу Кхеташонехь т1еэцна сацам билгалбале, вежаршна а, йижаршна а д1овзийта лаьа, вайн вашас (Нохчо - Шихмирза) - аьлла, ша билгал а волуш, Кхеташонан Декъахошка даийтина кехат. Изза кехат, Нохчо - Шихмирзас, ГАИ ЧЕЧЕН - ПРЕСС - е д1ахьийтина хилар а гучудаьлла. Цу кехатан чулацам бовза таро ю - лахахь.

                                                                                  ---------------------------
                                                                                         -----------------
                                                                                               -------

                                                                      Бисмиллах1ир - Рахьманир-Рахьим!
НОХЧАЛЛА коьрте а оьцуш, 15. 05. 2017 шарахь, Брюсселехь
хиллачу Дюненаюкъара Конфиренцех доцца дош алар.

Россин а, Ичкерин а пачхьалкхашна юккъехь, 12. 05. 1997 шарахь Москвахь Машаран Ч1аг1ам бина 20 шо кхачарна лерина, 15. 05. 2017 шарахь Брюсселехь Дуьнаюкъара Конфиренци д1аяьхьира. И Гулам вовшахтухуш къахьегна хиллера: Ичкери Пачалкхан Кабинетан Министрин кугалхочо Закин Ахьмадас а, цуьнан накъосташа а, иштта, Европарламентан декъахоша а, Дуьненаюкъара Рax Khristi ц1е йолчу организацино а. Оцу Конфаренцехь дакъалаьцнарш а, дина дийцарш а, хилла сацамаш а бовза таро ю хаамийн г1ирсашкахь.
Цу Гуламехь бинчу балхо:

а) Россин а, Ичкерин а пачхьалкхашна юккъехь Машаран
Ч1аг1ам бина хилар а, иза оьрсийн пачхьалкхан куьйгалхоша
бохийна хилар а карла а даьккхи;
аь) кхид1а Россин а, Ичкерин а юкъметтиг къастаяр, цу
Машаран Ч1аг1аман бухт1ехь хиладезар а т1еч1аг1ди.

Доцца вай аьлча, вонаш дайначу нохчийн къоманна пайде, мехала - дийцарш а дина, кхиболу сацамаш а бина цу Конфиренцехь.
«Бахьанаш леладе, х1ума кхочушхилийтар Шегахь ду» - боху вайга, Аллах1а» - олуш, хезна вайна дешначу наха.
Вай алаг1ертарг ду, оцу Дуьненаюкъара Конфиренцехь бинчу белхан жам1, т1ейог1учу хенахь нохчийн къоманна - мехала а, пайде а хиларе вай сатийсар.
Х1инцале а, Брюсселехь йинчу Дуьненаюкъара Конфиренцех олуш, цуьнан болх сийсазбаккха г1ерта адмаш а гучудевли. Оцу Гуламан болх чекхбаьлча, хьешашна хьошалла деш динчу цхьаьнакхетарехь: дина хелхарш а хьехадо цара, декъахошна луьйш а бу уьш.
Нохчийн къонахчо хийла хьешанна хьошалла дина, шена хилла боккха бохам къайла а боккхуш, хелхар а дина, мостаг1чунна ша воьхна а, велла воцийла гайта. Пайхамаршна а (Делера салам а, маршалла а хуьлда царна), Эвлаяашна а, къонахашна а лийна адамаш.
«Делан лай - нахана луьйш хир вац» - алара, вайн къонахий хиллачу дайша. Дийнаболлушехь, шаьш белча, ялсамана кхочур ду моьттурш а бу вайна юккъехь. Ялсамане я жоьжаг1ате вай кхачадар - иза Аллах1ехь ду. Цуьнгахь и хилар, шеконе дилла йиш яц - вайх, цхьаьнне а.
Таронаш, аьттонаш г1ийла белахь а, Ичкери Правительстван куьйгалхо Закин Ахьмад, ахьа а, хьоьца болчу накъосташа а, вайн г1ийлачу къоман дуьхьа хьоьгуш долу къа хууш а, цуьнан лерам беш а - нохчех к1ентий буй хаалаш.
Шеко йоццуш, т1екхочур ю зама, х1ора нохчочо: ша аьллачух а, динчух а - Далла а, юьртана а, къоманна а хьалха жоп дала дезаш. Цу дийне - юьхь1аьржо а йолуш ма - кхочийла вай! Вай, Везачу Аллах1е
доьху, Закин Ахьмад, ахьа а, хьан накъосташа а хьоьгуш долу къа, вонаш дайначу нохчийн къоманна пайдехь хилийтар.
Шайх Мансуранна т1ера схьа, таханлера де т1екхаччалц йолчу хенахь, вайн къонахий хиллачу дайша сатийсина маршоне кхачадойла Дала - жима, турпала нохчийн къам!

Нохчо - Шихмирза. 23. 05. 2017 ш.

                                                                         ---------------------------
                                                                               ----------------
                                                                                      ------

                                                           Рог1ера Къанойн Кхеташонан — САЦАМ:

1. Лакхахь д1атардина, Шихмирзас яздинчу кехатан чулацам, Къанойн Кхеташонан Декъахоша къобал а бо, мехала а хета. Бала а кхаьчна и кехат яздарна цунна Дела реза а хуьлда!

2. Даймахкал арахьа, вайна девзачу бахьанашца, Ичкери 1едалан з1е ца хадийта, Закин Ахьмадас а, цуьнан накъосташа а хьоьгуш долу къа - Кхеташонан Декъахоша къобал а до, маршо езачу нохчашна, кхин д1а йолчу ханна, пайде хир ду аьлла а хета.

3. «Нанас дена вича а ца хуьлу вешех - ВАША, иза, оьшшучохь, ца хилча!» - олуш хилла, нохчийн къонахий хиллачу дайша. Вашас а, доттаг1о а, цхьа ойла йолчу адамаша а, нагахь кхечуьнгара яьллехь а г1алато, ледарло, иза новкъадолчо а, халахетачо а, пхьоьхана а яьккхина - юьйцур яц...

4. Нохчийн къоманна, кхин д1айолчу ханна, пайде а, мехала а хинболу сацам беш, Брусселехь д1аехьна Дуьненаюкъара Конфиренци чекхъяьлча - дуккха х1ума гучу а дели, и болх тайнарш а, ца тайнарш а билгал а бевли. Шена луьйш долу адамаш билгалдевлча: «Ж1аьла летарх - къепал - м йоьду!» - алара, къоман маршонна г1евтинчу нохчийн к1ентийн а, мехкарийн а Баьчча а хилла, г1азотехь кхелхинчу Жовхара (Дала г1азот къобал дойла цуьнан а, г1азотехь кхелхинчу вайн вежарийн а, йижарийн а).
Сийлахьчу Аллах1а: галваьлларг нисвойла, харцо эшайойла, нохчийн къам маршоне а кхачадойла!

Къанойн Кхеташонан тхьамда -
Хучин Ахьмад 26. 05. 2017 ш.

Компании и фирмы Ярославля - http://www.rosorg-yaroslavl.ru