Меню

 

 

.

Баккхичийн Кхеташонан - Сацам

каталог организаций - каталог организаций



Баккхичийн Кхеташонан - Сацам

Бисмиллах1иррохьманиррохьим!
15. 08. 2020 ш. г1.  Берлин

Европехь а, кхечанхьа а 1ардолу Нохчийн Мух1ажарийн Ассамблеи Баккхичийн Кхеташонан Декъахойн Гулам (скайп конфиренция).

Дицаре дина хаттарш:

1.Францехь а, Германехь а, т1аьхьарчу хенахь, нохчашна а, кхечу къаьмнийн векалшна а юккъехь хилла зуламе хиламаш.

2.Маршоне сатуьйсу нохчашкахь т1аьхьарчу шерашкахь х1оьттина г1ело а йолуш: Закаев Ахьмадас Ичкери Пачхьалкан бух ларбеш д1акхоьхьу политиках а, хаамийн г1ирсашкахь цхьаболчара иза сийсаздаккха жигаралла совъяккхарх а дош алар.

БаккхичийнКхеташонан Декъахоша: шайн дегнашкахь г1айг1а – бала хилар а хаалуш, рог1ехь дош а олуш -дагадовларш дира цу шина хаттаран хьокъехь.

Дагадовларш чекхдевлча, т1еийцира лахахь д1атарбина

САЦАМАШ.

I - Хьалхарчу хаттаран хьокъехь бина САЦАМ:

 Де эшначу хенахьт1е а эцна, тховк1ело а елла, кхидолу г1о а деш: Европехь а, кхийолу пачхьалкхашкахь а - д1атарбелла бу эзарнашкахь нохчий. Ша т1еэцначу пачхьалкхан: низам лардан а, цигарчу къаьмнийн пусар дан а,СОБАРЕ хилан а, нохчийн дика ц1е яккхийтан а - декхарийлахь ву вайх х1ораа!

Къаьсттина, кегийрхошка доьху:наркотикех ца хьакхадалара, зулам схьадолучу меттигах лардалар а, шайн бехк болуш дов ца долора, Аллах1ан дашехь нисдалара, 1илма довза къахьегар а,НОХЧАЛЛА ларъяр а.

 – Дан амал а долуш,вешийна а шех бала бийр бацКЪОНАХО!Нехан диканехь дакъалацар а, оьшшучохь, бохамна  орцахдовлар а нохчийн къоман ч1аг1ам бу –олуш, хьехамаш битина х1уманаш дайначу вайн дайша.

Т1ех1оьттина дика – вон: доло а,дакхехьа а, дерзо а - нохчийн къоманкъонахий а хиллачу дайша, Аллах1ан дашца дустар а деш – кхоьллина низам (1адат) ду.И низам, дерриг, х1окху аларшца довзийтина вер а вац. Далеринчу х1уманна: хьекъал а, кхетам а, собар а, нехан лерам а болуш– хьалхаваьккхина, хьакъволу, тхьамда (воккханиг) хилавеза. Тхьамдас т1еоьцу сацам кхечарца дагаваларехь хуьлу. И сацамкхочушбан декхарийлахь ву НОХЧО.

Лакхахь билгалдинарш а, Францехь, Германехь т1аьхьарчу хенахь хилла зуламе хиламаш а тидаме оьцуш, лахахь, д1абовзуьйту Бакхичийн Кхеташанан Декъахойн хьалхарчу хаттаран хьокъехь хилла САЦАМ:

1.Даймахкал арахьад1атарбеллачу меттехь, нохчаша – шайна юккъехь тхьамда билгалваккха веза.Тхьамдехь хилан деза аматаш – вай лакхахь билгалдина.

  1. Дика - вон т1едеача, НОХЧОЧО шена орцане кхайкхар - билгалвиначу  тхьамдехула хилан деза. Тхьамдас билгалбийр бу шена оьшу накъостий а, долчу хьоле хьаьжжина, хоуьйтур дудадезарш а.Дешдерг - пачхьалкхан низам талхош хилийта мегар дац.

3.Меттигашкахь билгалбина тхьамданаш шайна бовзийтар бег1ийла хета -Баккхичийн Кхеташонан Декъахошна.

  4.Лакхахь йозане дехкина аларша,бина сацамаш а: Аллах1 резаволуш а, нохчийн г1иллакх – оьздангалло ( 1адато ) къобалдеш а хиларна - Даймахкал арахьа 1ардолчу нохчашка, цуьнах низам а дина - т1еэцар доьху.И низам кхочуш ца дийриг – Зуламан да ву – олуш, д1акхайкхо веза.

II - Шолг1ачу хаттаран хьокъехь бина САЦАМ:

Ялх шо хьалха, Баккхичийн Кхеташонан Декъахоша – Бисмалла а даьккхина - шайн болх д1аболош, къоман МАРШОНЕ сатуьйсучу нохчашна юккъехь масла1ат а, цхьаалла а лохуш- къахьийгира.

Биначу белхан жам1 деш, Баккхичийн Кхеташонан Декъахоша – Мостаг1о, Россис, йийсаре лаьцна Нохчийн Ичкери Пачхьалкх маьрша яккха а, къам маршоне кхачо а: Закаев Ахьмад коьртехь волу Министрин Кабинето кху аренца беш болу болх къобал а бо, Аллах1ан дашца а, Дуненаюкъараллан низамаца адустар дича, иза пайде хирг хиларх а теша – олуш, сацам т1еийцира. Цуьнах дерг, ма – дарра,довза таро ю хаамийн г1ирсашкахь.                                           

Т1ехьарчу хенахь, хаамийн г1ирсашкахь долчу хьоле ладоьг1ча, шайгара жигаралла гайтарца, гучубевла: Закаев Ахьмад а, цо къоман маршонан новкъахь хьоьгу къа а -сийсаздан г1ертарш.Г1азотехь д1акхелхина, цхьаболу, вайн вежарий а (Аллах1а г1азот къобалдойла церан!) тоьшалле х1иттабо цара, шайн 1алашо кхочушъян.

Къоман маьршонан луьрачу къийсамехь, мостаг1анна дуьхьал а х1уьттуш, д1акхелхинавайнцхьаболчу вежарийн - галбовларш ца нисделлера?... – Доьша а дууш, вижина 1уьллушверггал ца волу – олуш ду нохчаша.

Кху т1аьхьарчу шерашкахь: Нохчийчохь хилларш а, тахана нохчийн къомехь долу г1ийла хьал а –  девзарш бу вайна юккъехь... Ц1ераш а йохуш, дийлина г1алаташ гуча а дохуш, цхьанне а - лен 1алашо яц тхан.Дерш а, доцурш а дуьцуш, нахана лер - магийна дац Аллах1а. Вайн къоман 1адато а цхаа хьесап ца лерина нахана луьшверг. Х1ораммо шадиначух а, аьллачу дашах а жоп далан деза зама т1екхочург хиларх– теша вай.

- Дерриг а нисделла ду Закаев Ахьмадас шен накъосташца д1ахьошболу маршонан новкъахь! – ца боху вай. Амма,кху т1аьхьарчу 30 шарахь,  нохчаша маьрша хила  латточу  къийсамна- Закаев Ахьмадас йина г1ело- м ца карийна тхуна. Цо динарш Аллах1ана а, цунна шена а, и вевзачарна а хаьа.

 Кхидерш вай ца хьехийча а:2007 шарахь, вайна девзачу бахьанашца, Ичкери Пачхьалкхан байракх тиш а йина,лаьтта йожийча, шега цхьаьна наха – Схьаэцахьара иза! – аьлча, кхераме делахь а, и байракх схьа а эцна, таханерачудийне схьаяр а,Россин Империс нохчийн къоманна т1ехь лелийначу къизаллин талламбар доьхуш, 2017 шарахь,Дуьненаюкъарллин суьде тоьшаллаш т1ехьдолукехаташ чудалар атоийта хьакъ дара маршоне сатуьйсучу нохчаша- Закаев Ахьмадан пусар дан а, иза хьалхаваккхан а.

Цьаболчарна, нохчийн къам бажа санна ду моттар– гал ду! Иза бакъ ца хилар нохчийн къомо гайтина – б1аьшерашкахь ша бечу дахаран халачу новкъахь.

  - Езарх хуьлуш яц хьалхе а, билларх т1ехь соцуш бац горга бехк а – олуш ду нохчаша...

Лакхахь билгалдинарш а, дазадисанарш а тидаме оьцуш,  Баккхичийн Кхеташонан Декъахоша, лахахь, бовзуьйту- шолг1ачу хаттаран хьокъехь т1еэцна САЦАМ:                                                

  1. Закаев Ахьмадас а, цуьнан накъосташа а: Ичкери Пачхьалкх мостаг1ах парг1атъяккхан а, маршоне сатуьйсу нохчийн 1алашо кхочушъян аДаймахкал арахьа д1ахьошйолу политика - Баккхичийн Кхеташонан Декъахоша, кхин цкъа а, къобалйо.

2.Закаев Ахьмаде д1ахоуьйту, белхан эвсаралла лакха а йоккхуш, нохчийн къам маршоне кхачо ахь д1ахьочу политикан: Нохчийчохь а, Даймахкал арахьа а -дуккха накъостий буйла а, уьш алсамбевриг хилар а.

  1. Баккхичийн Кхеташонан Декъахоша маршоне сатуьйсучу нохчашка кхойкху: собаре хиларе а, Закаев Ахьмадаc къам маршоне качо дакхоьхьучу политиканна накъосталла даре а.

Дерригге хуушверг Аллах1 ву!Баккхичийн Кхеташонан Декъахоша: Аллахйан дашца а, Дуьненаюкъараллийн низамаца а, маршоне сатуьйсу нохчашкахь тахана долчу хьолаца адустуш – т1еэцна бу лакхахь билгалбина сацамаш. Нагахь галдерг схьагайтахь – нисбалан кийча бу  Кхеташонан Декъахой.

Сийлахьчу Аллах1а Ша резаверг дан, резавоцург дитан: собар а, хьекъал а, доьналла а, ницкъ а - лолда вайна!

  Баккхичийн Кхеташонан Тхьамда - Хучин Ахьмад

Компании и фирмы Ярославля - http://www.rosorg-yaroslavl.ru