Меню

 

 

.

Нохчийн Мух1ажарийн Ассамблеи Къанойн Кхеташонан - НОХЧАШКА КХАЙКХАМ

каталог организаций - каталог организаций


Бисмиллах1иррохьманиррохьим!

  Ассаламу 1алайкум варахьматуллах1и ва барикатух1у - вежарий, йижарий!

 Вайна ма хаъара, 05. 01. 2020 шарахь, хаамийн г1ирсишкахь гучуелира видиоролик, Закаев Ахьмадан, хьалхара г1оьнчас, Солтыханов 1елим - Пашас - Европехь 1ардолчу Нохчийн Ассамблеи Къанойн Кхеташоне, Кабинет Министров ЧРИ ц1арах, кхайкхам беш. И бина кхайкхам а, цуьнан чулацам а ца хьахош буьту вай — иза хаамийн г1ирсашкахь бовза таро хиларна. 

  И кхайкхам бийцаре беш, 08. 01. 2020 шарахь, Нохчийн Ассамблеи Къанойн Кхеташонан Декъхоша, компьютаран г1оьнца, шайн Гулам бира (скайп — конфиренци).

 Кхеташонан Декъахоша хьахийра къоман маршонна къахьоьгучу нохчашлахь кхоллаелла тобанаш а, цу тобанашна юккъехь болу цакхетамаш т1ехьарчу хенахь к1арглуш хилар а. 

                      Тобанийн цхьаболу декъахой кхечарна лер а, уьш кхиберш тишбан г1ертар а, барт бацар а емал дира Къанойн Кхеташонан Декъахоша — шаьш дош олуш. Иза Аллах1а а магийна дац, вайн дайша а доьналлехь ца лерина. Иштта долчу цу хьоло - Маршоне сатуьйсучу нохчийн йиш а йохийна, яхь йолу к1енташа, тахана а, къоман маршоне латточу къийсамна г1ело а йо.

 Нохчийн къомехь тахана долу чолхечу хьолах - ала а, дийца а дуккха ду. Лакхахь аьллачух кхачо а йина, лахахь б1абовзийта лаьа Къанойн Кхеташонан хилла сацам:

 

                     1) Солтыханов 1елим — Пашас Кабинет Министров ЧРИ ц1арах Къанойн Кхеташоне бина кхайкхам къобал бо Кхеташонан Декъахоша;

                          

                    2) Маршоне сатуьйсучу нохчашка а, кхоллаеллачу

 тобанашка а цхьалле кхайкха а, долу хьал довзийта а, 07. 03. 2020 шарахь, Европехь а, кхечанхьа а 1ардолчу Нохчийн Ассамблеи Гулам бар - Берлин шахьарахь;

                        

                     3) цу Гуламехь дакъалацаре кхойкху: Идигов Ахьъяде а, Закаев Ахьмаде а, Сараляпов Жалавде а, Сулейманов Жамбулате а — маршоне кхийдачу кхиболу вежаршка а, йижаршка а;

 

                     4) Нохчийн Ассамблеи Гулам хуьлучу дийнахь 15 шо кхочу ЧРИ Президент Масхадов Аслан мостаг1чун карах кхелхина, иза а, кхиберш а дагалоцуш хьакъдолу  г1уллакхаш дар;

 

                     5) хинболчу Ассамблеи Гуламна кечамаш бан, д1а а цатоьттуш, жигархойн тоба кхоллар (оргкомитет).

 Лакхахь  билгалдинарш кхочуш дан — хьекъал а, аьтто а, накъосталла а оьшу. Таханалера де т1екхаччалц нохчийн къоманна т1ехь мостаг1о, Россис, лелийна къизаллаш а, цо лайнарш а тоьар дара - маршонна юкъйихкина нохчий вовшашна къинт1ера бовла а, цхьаъ хилла д1ах1итта а. Вай цхьаъ хилча атта хир дара т1ебоьссина бала бухатоха а, кхиамаш хир бара къам маршоне кхачо а.                                                                                                                            

 Сийлахьчу Аллах1а Ша резаволу барт а бойла, маршонне а кхачадойла — вонаш дайна жима нохчийн къам!

 Вежаршка а, йижаршка а д1ахоуьйту, Нохчийн Ассамблеи Гулам бан лерина йолу хан герга мел г1оьрти а, хаадезарш довзуьйтуш - хаамаш бийриг хилар.

 Къанойн Кхеташонан тхьамда - Хучин Ахьмад.                                        

 09. 01. 2020 ш.

Нохчийн Ассамблеи Къанойн Кхеташо

Компании и фирмы Ярославля - http://www.rosorg-yaroslavl.ru