Logo

Нохчийн МухIажарийн Ассамблеян Къанойн Кхеташо - РогIера гулам

каталог организаций - каталог организаций

БисмиллахIир Рохьманир Рохьийм!

«Даймахкал арахьа Iар-дахар долчу Нохчийн МухIажарийн Ассамблеян Къанойн Кхеташо»

РогIера гулам.

Дийцаредан юкъадиллинарг:

«Кху тIаьхьарчу 30 шарахь нохчийн къоман дахарехь хьаьвзина чолхе хиламаш а, тахана нохчашкахь долу хьал а»

ГУЛАМАН ДIАХЬЕДАР

Дала хIора адамна а, массо къомана а елла йолчу шен маршоне кхийдар доцург, кхин хIуманна а бехк-гуьнахь доцу нохчийн къам тIаьхьарчу 30 шарахь йоккхачу къизаллийца хьийзадо Росси-пачхьалкхо. Дуьненна дIаохьа шаьш-шайна цхьа бехказлонаш а тарйина, луьра ши тIом беана Россино нохчийн махка. Кхо бIе эзар гергга маьрша адам дийна охьадиллина, эзарнашкахь бу чолакх бисинарш, тIаккха – байш, жоьра зударий. Йохийна дIаяьхна гIаланаш, ярташ. Промышленностах тIулг тIулга тIехь а ца битина. Тахана а шен къинхьегамца даха а, даьхний тIекIел дилла а, экономика денъян а таро ца луш, арахьара къовззийна чукхийдочу соьмашка марздан хьийзош, дешаррий, медициний моттаргIанашкий, санашкий яьккхина хьийзош ду нохчийн къам. Махкахь лело там болу кхаш кIеззигчу нехан доладахарца хадийна дIаяьккхина нохчийн латтаца йолу хьаналчу къинхьегамо кхоьллина уьйр. Дайшкара дуьйна, цхьаьна чIурера вукху чIуре юьйлуш, схьайогIу куьйга-говзаллаш йицйина богIу кегийрхой, оцу говзаллашца рицкъа лаха цхьа а некъ ца битарна. Къинхьегамах дIахадийна адам я сагIане, я курхаллашка марзло. Иштта, шен куьйга я коьртаца напха лахаран некъаш дихкина, талхо хьийзош ду нохчийн къам.
Цхьаьна барте бирзинчу нохчаша, дуьненаюкъарчу законашца догIуш а долуш, кхоьллина йолу бIеннаш шерашкахь шайн дайша сатийсина маьрша, йозушйоцу пачхьалкх йийсаре леци Россин империно. И дина ца Iаш, шайн аьллар кIел болу национал-ямартхой хьалха а тоьттуш, хаамийн гIирсашца юкъараллехь даржо питанаш ца ходуьйтуш, масех декъе декъна Кремло нохчийн къам. Тоьллачу кIентийн, мехкарийн синош закъалтана а дехкина, маршонехьа хаддаза латтош болу луьра къийсам нохчашна юкъаберзо ницкъ кхечи мостагIан - боккха эшам бу и вайн къоманна. МостагI юьстахваьлла хьоьжуш а волуш, вовшийн цIий Iенош бу нохчий тахана. Москвас Нохчийчохь хIоттийна къизачу Iедало адамийн бакъонаш талхош хиларна – йийсаран бакъонехь бу Даймахкахь Iар-дахар долу нохчий. И хьал чIагIдо адамийн бакъонаш ларъян декхарийлахь йолчу хьукматаша. Оцу харцонах, адаме лацаяллал йоккхачу къизаллех бевдда эзарнаш нохчий бу, сил дукхабезачу Даймахках а къаьстина, хийрачу мехкашкахь тховкIело а, паргIато а лоьхуш. Амма уьш банне а бац цIерачу хьолах дог ца лозуш а, шайн даьхний а, са а хьомсарчу ДегIастанна кхоор долуш а. Цундела даррехь харцдерг ду уьш Нохчийчоьнан мостагIий кхайкхор, ямартлонашна юкъахь а йоккха ямартло ю махкал арахьа беха мухажаршший, цIахь Iер-дахар долу церан къоман вежарий а дуьхь-дуьхьала хIиттор.
Дуьненаюкъараллехь долчу хьолах дош олуш, къаноша билгалдаьккхира, Российс шен куьйгалхойн политикин сонталлийца яккхий-кегий пачхьалкхашца юкъаметтиг талхийна хилар. Гуьржийн махкахь, Украинехь, Сирехь, Венесуэлехь, кхин дуккха а меттигашкахь долу хьал синтеме дерза ца дуьтуш, бохийна хьийзабо цо цигара бахархой. Оцу хьоло дуьненаюкъараллин тешам байина Российх, цуьнан политикин ямартло а, боьхалла а массарна а евзина, Кремлаца болчу бартах а, цу чуьра арадолучу дашах а тешаш стаг вац малхбалехь-малхбузехь, къилбехь-неврехь а. Нохчийн къомана тIехь лелийначу харцонах а кхетта догIу дуьне. Дехьа-сехьа политикашна юкъахь дукха хеза Ичкери-пачхьалкхах дика дош олуш а, нохчийн къам маьрша хила а, маьрша даха а бакъо яьккхина хилар чIагдеш а.
«Къанойн Кхеташоно» иштта дийцаре дира цхьацца вайн къомах болчу политикаша, тхьамдалле кхийдаш, нахана юкъахь а, интернетехула а лелочу къоман барт бохочу гIуллакхех дерг. Шеко йоцуш ду, вайга маршо дуьненаюкъараллехь лелачу низамца бен яккхалург ца хилар. Оцу низамца догIуш а, дуьненахь дуккха политикаша къобалдина а дара вай Ичкери кхоллар. Тахана а, мостагIчун ницкъ боккха хиларна махках яла дезнехь а, дуьненахь лелачу низамца бакъонехь а йолуш, болх беш ю Ичкерин правительство. Цуьнан коьртехь лаьтта Закаев Ахьмад политика евзаш а, зиэделларг долуш а, муьлххачу а тIегIанехь бийца говза мотт болуш а, маршонан идеяна хьанала а волуш, говза политик ву. Цо а, цуьнан накъосташа а дIакхоьхьу болх къобал бо «Къанойн Кхеташоно». Селхенца йоьзна бен кхане хуьлийла доций хуу къаной тешна бу, Закаев Ахьмада дIакхоьхьу некъ нийса а, къомана беркате хирг а хиларх. Ичкери-пачхьалкх ловзабевллачу лаамаша вовшатоьхна моттаргIа яцара, Ичкери-пачхьалкх – нохчийн пачхьалкхаллийн селхане оццу пачхьалкхаллийн кханенах юзучу зIенан цхьа чIуг яра, юкъара дIаяьккхича ерриге а зIе хедар а йолуш. Цундела нохчийн къоман йиш яц Ичкери-пачхьалкхан идеях дIакъаста. Оцу идеяна хаддаза вецаш а, политикашна юкъахь дош лелаш а стаг ву Закаев Ахьмад, шен лаамех а, Iалашонех а шек хила вайна меттиг битина вац иза. «Кхеташонера» къаной теша Ахьмадах.

Лакхахь дийцинчунна тIе а доьгIна, «Даймахкал арахьа Iар-дахар долчу Нохчийн МухIажарийн Ассамблеян Къанойн Кхеташоно»

ТIЕЭЦНА САЦАМ:

1. Хьалхеезарш а, арахьарчу мостагIчун лаам толо арабевлларш а нохчийн къоман цхьаалла йохорехьа хаддаза къахьоьгуш хиларна, барт боьхна догIу вай. Барттий, цхьааллий йоцчу къоме маршо а яккхалур яц, шен сий а ларлур дац. Сийх-маршонах къаьстинчу къоме яхь-юьхь йолуш тIаьхье кхиалур яц, ишттачу къоман кхане бодано хьулйина хуьлу, я дуьне, я эхарт хуьлийла а дац цуьнан. Дуьненахь даьхначу шераша а, нохчийн Iадато а, дахарехь зиэделлачо а шайна лучу бакъонна тIе а тевжина, къоман вежаршка барте а, цхьаалле а кхойкху къаноша.

2. Маьрша дахар дезачу кхечу къаьмнийн векалшка а, адамийн, къаьмнийн бакъонаш ларъяран дуьненаюкъараллин хьукматашка а нохчийн къомана, цо шен маьршонехьа латточу къийсамехь, накъосталла даре кхойкху «Къанойн Кхеташоно».

3. Нохчийн къоман кхетаман а, Iилманан а, культурин а шорта йолу хазнаш кхачам боллуш йозане ехкина а, системе ерзийна а ца хиларо йоккха новкъарло йо вайна дуьненаюкъараллехь ваьшна хьакъйоллу меттиг дIалаца а, хьалха хIиттош йолу Iалашонаш кхачамболлучу чулацамах юза а. Оцу хьоло таро йохийна хьийзина вай хIинццалц, тахана а дадогIург дина дац вай. Iилманан дайшка а, Iелимчашка а, кхоллараллин нахе а, шайн хан а, ницкъ а ца кхоош, шаьш охIладоллучу хьармехь къоман синан баххаш цIиндарехьа къахьегаре кхайкху къаноша.

Сийлахьчу АллахIа барт цхьаъ бойла вайн, бIешерашкахь ша сатийсинчу маршоне кхачадойла Цо нохчийн къам!

Къанойн Кхеташонан тхьамда -
Хучин Ахьмад

 

Компании и фирмы Ярославля - http://www.rosorg-yaroslavl.ru

Copyright © qaanuoy.com 2016