Меню

 

 

.

Нохчашка а, Г1алг1ашка а, Вайнахе - КХАЙКХАМ

каталог организаций - каталог организаций

Бисмиллах1иррохьманиррохьим!

Ассаламу 1алайкум бусулба вежарий, йижарий — нохчий а, г1алг1ай а!
Кху т1ехьарчу хенахь, доккха зулам хила там болуш, хиламаш бу нохчашна а, г1алг1ашна а юккъехь д1абоьлхаш.
- Зулам - дов ду, т1ом бу, иза дижина 1аш ду. Меттах ма хьеде зулам, ма кегаде иза - цуьнан т1аьхье муха хир ю хаац. Зуламо нана елхайо, да к1антах воккху, йиша вешех йоккху, доьзал байлахь буьту. Велхавеза зулам хилале и хилладаьлча велхар т1аьхьа ду. Йойна меже хотталац ша хьалха ма хиллара - олуш хилла вайн къонахий хиллачу дайша.
Иза дац, даза цадалахь, дов а, т1ом а ма бе бохург. Цуьнан шен некъ бу. Лакхахь вайн дайша зуламан хьокъехь аьлларш, т1ехьаьнна дитина весеташ ду.

Тахана нохчашна а, г1алг1ашна а юккъехь, доза бахьана а долуш, уьйбучу зуламан хьокъехь, хаамийн г1ирсашкахула - алаза, дийцаза х1умма а дисина дац. Хаза, бакъахьара, машаре, г1иллакхе, беркате бистхилларш а бу. Амма хьаналл - хьарам къастор а доцуш, шен доьзал нисбан г1ор а доцуш, дешан дай а боцуш, оьздадоцурш а дуьйцуш: питане а, муьста а, зуламе а - шайн маттехула дешнаш дилийтинарш а бац к1езига. Уьш вайнахах бац. Вайнехачу стага а, зудчо а шен маттехула: питанедерг а, зуламедерг а, оьздадоцург а — дийца йиш яц.

Россис - Пачахьан а, Советан а, Демократан а — олуш, шена ц1ераш а тохкуш, багахь хаза а, товшдерг а дуьйцуш, кху т1ехьарчу 3-4 б1аьшарахь, къаьсттина, вайнаханна т1ехь - даза а, лелоза а дисина х1умма а дац.
Россис вай: декъа а декъна, латтанаш д1а а дехна, дукхазза дозанаш а хийцина, бу боху эвлаяаш а, къонахий а, дешна нах а х1аллакбина, ярташ а ягийна, зударий а, бераш а, бакхийнаш а байина, дерриг къам Даймахках а даьккхина, мотт а, Аллах1 реза волу г1иллакхаш а г1елдина, динехь нисдала а ца дитина, дахаран низамах а дохийна. Уггаре коьртачех а, эшаме а ду, Россис вайнах шен мехкан дай хила ца битар.

1990 шарахь дара иза. Жовхар вара (Дала г1азотехь дойла цуьнан кхалхар!) гулделлачу адамашна хьалха къамел деш. Иза къамел дина ваьлча, Россица цхьаьна ца хилча нохчийн къоман кхане яц бохучо:
- Жовхар, хьо Москохара паччахьаца дага а волуш лелаш вуй? - олуш, хаттар дира Жовхаре. И хаттар динарг воккха стаг вара.
Жовхарс, сихха: - Ваша, со вац Москохара паччахьаца дагавуьйлуш. Вайх, цхьаберш, кху т1ехьарчу 2-3 б1аьшерахь Москохара паччахьашца дага а буьйлуш, вайнехан даханчу дахарехь хилла диканиг дийцахь ахь суна? Хьайн лаам белахь, Москохара паччахьаца дага а волуш — хьайн х1ун нисло хьажа - олуш, жоп делира.

- Вай маьрша а долуш, мехкан а, лаьттан дай а делахьара, тахана нохчашна а, г1алг1ашна а юккъехь болу цатемаш, цакхетамаш хир ма бацара — олуш, вай чаг1о йича, иза харц хир дацара. «Демократан» Россис Гуьржийчохь динарг а, Украинехь лелошдерг а, Сийрехь беш болу т1ом а - хууш а, хаайишйолуш а ду. И хаа г1ирсаш бу тахана, жимма а коьртехь ойла ян хьекъалдолчунна.

Шеко а йоцуш: нохчий а, г1алг1ай а, орстхой а, кхидолу тукхамаш а, цхьаьна дех - ненах схьа а девла - цхьа къам ду.
- Вовшашкара ледарлонаш лехьо йолийча, нанас дена вина ши ваша а - вовшех къаьстир ву - алара вайн дайша.
Нохчо а, г1алг1а а ши ваша ву. Ч1аг1о ян йиш йолуш, вай лакъахь ма аллара, Россис, еххачу хенахь, шен ямарт, адамалла йоцу т1е1аткъам барца - декъна вай. Тахана, я: нохчашна шайна юккъехь а, г1алг1ийн вовшашлахь а цхьаалла яц. «Экстремисташ а», «радикалисташ а», «вахабисташ а», «яблочникаш а», «единороссаш а», кхин а - олуш, ц1ераш а техкина, владимиг1ара декъна вай.

- Говрах лата ца ваьхьнарг, нуьйрах тасавелла - олуш кица ду вайнехан. Тахана цхьаболчу г1алг1аша а, нохчаша а, шина вешина юккъера доза бахьана а долуш, лелориг - лакхахь далийначу кицанах тера ду.
Вай маьрша а долуш, дай баьхначу лаьттан дай делхьара — хила таро йоцу х1уманаш ду вайнахана юккъехь лелаш. - Хьажахь, нохчий а, г1алг1ай а бу лаьттан аса къуьйсуш, - къечу къаьмнийн векалша а бохуш -
эхь ду иза, вежарий долчу, вай лелошдерг.

Вай реза дацахь а: Евкуровн а, Кадыровн а — дан х1умма дац тахана. Цу шимма шайга Москохо аьлларг дина. - Ас вина хьо, сайна лаахь вуьйр а ву - олуш кица ду. И шиъ шаьшшиннан лаамехь велхьара, т1ехьарчу хенахь, мтиингехь холкъана хьалха Аушев Русланас аьлларг дийр дара цу шимма.
-Евкуров д1аваккхавезий, Кадыров харцлуьй - бохуш аларш ду цхьаболчу вайнаха дуьненна а хьалха даржош. Церан метта Владимира воуьйтург - ши пеллиг эшна а бен хир ма вац.

Нохчо а, г1алг1а а: нагахь къонах а велахь, Аллах1ах а кхерахь - вовшашка харц лен йиш ма яц. Бакъо эшна, харцо тоьлла ю тахана долчу хьолехь. Х1уманан хийцам бан йиш йолушверг - Аллахь ву. Тахана долу чолхе хьал а х1оттийна, вайнах зуьйш ву Иза. Шеко яц, вайнах маьрша а бевла, Даймехкан уьш дай хирг хилар.

Даймахкал арахьа дуккха нохчий а, г1алг1ай а, кхиболу а вайнах бу. Тхо вовшен дикане - воне доьлха, оьшшучохь, ницкъкхочург вовшана г1о- накъосталла а до. Д1аяхний, схьаеаний, йишик1анталлий, ненахой, доттаг1аллий бохуш, гергарлонаш а ма ду — лардан дезаш а, лерам бан безаш а. Уьш лар ца динарг вайн дайша - стаг а, я къонах а ца лерина.

Ала дуккха а доллушехь, лакхахь аьллачийн кхачо а йина, Европехь а, кхечанхьа д1атарбеллачу Нохчийн Мух1ажарийн Ассамблеи Къанойн Кхеташонан Декъахой г1алхашка а, нохчашка а, вайнахе -

КХОЙКХУ:

1. Хаамийн г1ирсашкахула Кабинет Министров ЧРИ кугалхочо Закин Ахьмадас а, Аушевн Русланас а, цхьаболчу орстхоша а, кхиболчу вайнаха а: долчу а, х1оьттинчу а хьолаца дуста а дустуш - пайде, масла1ате, хьекъале аьлларш тидаме эцахьара;

2. Олучуьнца, дуьйцучуьнца, йоккхучу г1улчаца - масла1ате а, собаре а, Аллах1ах кхоьруш а хилахьара;

Силахьчу Аллах1а, тахана нохчашна а, г1алг1ашна а юккъехь болчу цатамах - Ша резаволуш масла1ат а дойла, харцлуьйриг юьхь1аьржа а х1оттавойла!

Кхеташонан тхьамда -Хучин Ахьмад.
09. 10. 2018 шо.

 

Компании и фирмы Ярославля - http://www.rosorg-yaroslavl.ru