Меню

 

 

.

БЕРТАЗА ДАЙМАХКАЛ АРАХЬА IАРДОЛЧУ НОХЧИЙН ХАРТИ

каталог организаций - каталог организаций

                                                          БисмилЛах1ирРохьманирРохьим!

 

                                                                                                  «Мелха к1еллахь даха бакъо ю массера

                                                                                    а, юкъара цхьа а ца къастош»

 

Цхьаммо а шеконе дилла йиш яц, нохчий: хаза 1алам долу Даймохк а, адмалла шеца йолу дахаран низам а, исбаьхьа мотт а, шен башхалла йолу г1илкх-оьздангалла а, амал а, лелош дин а, хьакъдолу истори а йолуш — Кавказан ширачех къам хилар.

Амма тахана нохчийн къомехь долу г1ийла хьал а, Даймахкал арахьа алссам нохчий хилар а вай хьесапе эцча, цу ирча суьрто декхарийлахь во нохчо, хьаьдда воьдучуьра саца а сецна, къомехь долу чолхечу хьолан ойла ян. Дистина, даьржина, ирча, доккха, цхьацца йолчу меттигашкахь адамашна зене а дуьйлуш, дуьненчохь мел йолу боьхалла шена чохь а йолуш - чехка дог1учу хих тера ду нохчийн къомехь тахана долу доьхна хьал.

Бусалба а долуш, Нохчий хуьлу вайх, я, цхьаберш, муьжгий, важаберш, французаш а, немцой а, 1аьрбой а... хилла — къидолчу къаьмнашца д1аэло? Оцу хаттарна жоп лохуш, нисдала луушделахь, инзаре хала а, лекха а ирхо ю нохчашна хьалха лаьтташ. Цу лекхачу ирхонах чекхдовла, нохчашна: барт а, хьекъал а, вовшех дашар а, собар а оьшу.

Лакхахь доцца аьлларг тидаме а эцна, Даймахкал арахьа 1ар-дахар долчу нохчашна юккъехь долу кхачамбацарш (лазарш) д1адовлу некъ лахар 1алашо а йолуш, дадезарш билгалдохуш - лахахь йовзуьйту

 

ХАРТИ:

 

1. Россин импери ю, кху т1ехьарчу б1ешерашкахь, кхайкхаза Нохчийчу а еана — жима нохчийн къам хьийзош. Цо лело харцо а, къизалла а, ямартло а ца лалуш, дуккха а нохчий бу, сил дукхабезачу Даймахках а къаьстина, шайна хийрачу пачхьалкхашкахь 1ар-дахар долуш. Иштта долу чолхечу хьоло, Даймахках къаьстина нохчий декхарийлахь бо: цхаъ хилла а, дадезачийн ойла ян а, сема хила а .

2. Нохчо декхарийлахь ву, муьлххачу меттехь ша велахь а: Нохчаллех ца воха а, Даймахка ша

воьрзург хиларх теша а.

 

3. Мотт белча — цуьнца цхьаьна леш ду къам а. Нохчийн мотт коьрта билгало ю, вайн къам шен башхалла а йолуш хилар. Ненан мотт хаар а, иза безар а — сийлаллийн декхар ду нохчочунна т1ехь.

 

4. Доьзал могуш а, кхачойолуш а хилар — иза къоман ч1аг1ам бу. Нохчийн доьзал, къаьсттина, Даймахкал арахь - коьрта ницкъ бу Нохчалла ларъярехь.

 

5. Нохчийн къоман г1иллакх - оьздангалла а, ламасташ а: Дуьненаюкъаралло вай цхьатерра бакъонаш йолуш теэцар а, цуьнан оьздангалла т1еюзаран гайтам а бу. Нохчаша къоман башхалла 1алашъяр а, цуьнан лерамбар а - шайн сий а, дайн ц1е а ларъяр ду. Х1ора нохчо декхарийлахь ву: шен къоман г1иллакх - оьздангаллийн а, 1едалан а, ламастийн а лерам бан.

 

6. Пачхьалкх - къоман дахаран кеп ю. Иза декхарийлахь ю шена чохь лаккхарчу т1ег1анахь къоман а, цуьнан х1ора векалан а: маьрша дахар хилийта а, оьздангалла 1алашъян а, адамийн хьашташ кхочушдан а. Т1ехьарчу шерашкахь хилла а, хуьлушболу а хиламаш бахьана а долуш, нохчийн къоман Ичкери пачхьалкх Россис оккупаци а йина, мостаг1ан куьйга к1еллахь ю. Иза дагахь а латтош, х1ора нохчо декхар ву, Дуьненаюкъараллин низманна т1е а тийжаш, нохчийн Ичкери пачхьалкх мостаг1ах парг1атъяккха къахьега.

 

7. Т1екхуьучу т1аьхьенан сица яхь кхиош кхерч бу школа. Даймахкал арахьа нохчий д1атарбеллачу меттехь, бехказлонаш а ца лехьош: нохчийн оьздангаллийн г1ишло хилийтар а, цигехь нохчийн мотт 1амор а, къоман истори йовзийтар а, т1аьхье кхетаме кхиор а - мехала ду. Х1ора нохчийн доьзалехь аббат хилийтар т1ехь ду дена - нанна.

 

8. Нохчий д1атарбеллачу меттехь баккхийчеран Кхеташо кхоллар а, юкъ-кара, динан а, кегирхойн а хьокъехь вовшахкхетарш д1адахьар а, кегийрхошна юккъехь тайп - тайпана хьуьнарш къийсар вовшахтохар а...

 

9. «Нохчийчохь дина зуламаш» ц1е йолу тептар нохчий д1атарбеллачу меттехь кхоллар а, суьртийн гайтамаш бар а, Россис нохчашна дина зуламаш кхечу къаьмнийн векалшна довзийтар а. Нохчийн къоманна динчу зуламех мостаг1е жоп доьху хьал кхолладалийта, гулйина коьчаллаш Дуьненаюкъараллин бакъонаш ларъян декхарийлахь йолчу урхаллашка д1акхачор.

 

10. Хаддаза махкахошца з1е латтош, цуьнах пайда эцар, царна морально - полетически а, бакъо ларъярехь а г1о дар.

 

11. Х1ора доьзалехь нохчийн истори йовзуьйтуш долу тептар хилийтар, реликви санна, цуьнан сий деш а, дайн лерамбеш а.

 

12. Вайнехан юкъараллехь цхьацца проект кхолла (тептар арахеца а, историн таммаг1аш (знаки) ян а, кхин а) х1ора шарахь сом-шай гулдар.

 

13. Ичкери пачхьалкхан байракх а, гимн а, герб а дуьненчохь йовзийта гайтамащ бар. Х1ора нохчочуьнан декхар ду: Ичкери пачхьакх кхоьллина де даздар а, телефон - ватцапехь нохчийн гимн хилийтар а - маршо ларъян шена декхар т1еоьцуш.

 

14. Нохчо декхар ву: ша т1елаьцначу пачхьакхан лерам бан а, цуьнан низам лардан а, шегара ледарло ца ялийта а, шен къоман векалан бакъо йохош меттиг хилахь, цунна орцахвала а.

 

15. Нохчочуьнан кхечу къомах волчу векале болу хьажам: лерамбеш а, сий лардеш а, цуьнан маршо, бахам ларбеш а — хила беза.

 

16. Маггане а мегардац, динан ц1арах: Ичкери пачхьалкхана а, Дуьненаюкъараллийна а — кхераме а, зуламе а, эшаме а дерш лелон. Дин хила йиш яц къам доькъуш, къоман барт беш а, нохчий вовшех эбеш а хиладеза иза.

 

17. Нохчочо шен дахарн новкъахь, къоман идей коьрте юьллу. Цо ца х1оттабо: шен а, доьзалан а, тобанан а лаам - юкъараллийн хьаштанел лакха.

 

18. Нохчочо къобал ца йо: терроризм а, шовинизм а, ксенофоби а, рассови цабезам а.

 

19. Ден-ненан а, кхиболчу баккхичийн а нохчочо: сий а до, лерам а бо, дола а до.

 

20. Къоман цхьаалла ч1аг1ъяр, коьрта лаам хилабеза нохчоун дагчохь.

 

21. Нохчочо ойла йир ю: дош алале а, х1ума дале а - юкъаралийна а, пачхьалкхана а иза зуламе ца далийта.

 

22. «Дешар — серло, цадешар — бода» - олуш ду вайнаха. Нохчочунна техь декхар ду — 1илма довзарехь къахьега.

 

23. Нахана луьйшверг а, доцург дуьйцург а, эладита даржориг а, г1ийбат дийриг а, боьха мотт лебийриг а, дайн сий дожийнарг а, маршоне ца кхийдарг а - нохчийн юкъараллехь къонахийн мог1аре кхаьчна вац, цкъа а. Цхьаьнгара яьлла ледарло нахалаяккхар а - къилахь лерина Аллах1а. Нохчийн 1адато: тешха а, к1илло а, ледар а, осал а, сий доцуш а лерина - и санна волу стаг а, елахь, зуда а. Везачу Далла гергахь къилахь дерш а, нохчийн къоман къонахий хиллачу дайша емалдинарш а, эхье леринарш а, т1етт1а алсамдовлуш, держина - Даймахкал арахьа 1ар - дахар долчу нохчашна юккъехь. Цу чолхечу хьоло нохчашна дешдолчу зенан а, эшаман а мах хадор дуьту вай - кийрахь яхь йолчу нохчочуьнгахь.

И сакхташ д1адаха а, уьш кхид1а ца даржийта а, нохчийн къоман низамаца а дог1уш: - ШАЙН СИЙ ДОЖИЙНАРШ - ц1е йолу тептар кхоллар а, цу тептарна т1е д1аязвинарг нахала ваккхар а — пайде а, дог1уш а хета.

 

Вай тешна ду, лакхахь билгалйина Харти, Даймахкал арахьа 1ашболчу вайнаха, шайн х1ора дийнахь долчу дахарехь кхочушъян т1елацахь, дуьненна хьалха нохчийн сий айбалург хилар.

 

Лакхахь билгалйина Харти йийцаре а йира, тидаме а эцира, 24. 02. 2018 шарахь, Бельгехь хилла Европехь а, кхечанхьа а 1ардолчу Нохчийн Мух1ажарийн Ассамблеи Гуламехь (Конфиренцехь). Цу Гуламан (Конфиренци) сацамца, х1ара Харти, хаамийн г1ирсийн г1оьнца йовзуьйту, Даймахкал арахьа 1ардолчу нохчашка йийцаре яйта. Хетарг а, т1етохар а делахь схьадаийтар доьху кху адресца ( Этот адрес электронной почты защищён от спам-ботов. У вас должен быть включен JavaScript для просмотра. ). Далеринарш чекхдевлча, Харти т1еч1аг1йир ю рог1ехь хинболчу Нохчийн Ассамблеи Къанойн Кхеташонан Гуламехь.

 

Вежарий, йижарий, вай само а йина, цхьаъ ца дахь - г1ийла а, тиша а ду аренца болчу нохчашкахь долу хьал.

Аллах1 орцахволийла вонаш дайначу нохчийн къоманна!

 

                                                                                    Нохчийн Мух1ажарийн Ассамблеи Къанойн

                                                                                    Кхеташонан тхьамда — Хучин Ахьмад.

                                                                                                       24. 02. 2018 шо.

 

Компании и фирмы Ярославля - http://www.rosorg-yaroslavl.ru