Меню

 

 

.

Европехь а, кхечанхьа а д1атарбеллачу Нохчийн Мух1ажарийн Къанойн Кхеташонан Декъахойн хилла САЦАМ

каталог организаций - каталог организаций

Бисмил Лах1ир Рохьманир Рохьим!

Къанойн  Кхеташонера  хаам 

Европехь а, кхечанхьа а д1атарбеллачу Нохчийн Мух1ажарийн Къанойн Кхеташо кхоьллира 23. 02. 2014 шарахь. Къоман маршонна юкъ йихкина нохчий, тобанашка бекъа а белла, барт боьхна хиларна, Кхеташонан Декъахоша шайн болх д1аболош нигат дира, хьалхара г1улч йоккхуш -  царна юккъехь барт лаха. Кхеташонан Декъахоша, 3-4 баттахь, шайн болчу аьттонашка а, долчу хааршка а хьаьжжина, баккха бехк боцуш — и барт лохуш къахьийгира.                            

   Биначу белхан жам1 деш, Нохчийн Мух1ажарийн Къанойн Кхеташонан Декъахоша, 26. 09. 2014 шарахь, компьютаран г1оьнца д1абаьхьира Гулам. Цу Гуламехь, кхачо йоллуш дийцарш а дина, Кхеташонан Декъахоша, массо а реза хиларца, т1еийцира сацам. И сацам бовзуьйту лахахь:

                                          


    23-25. 11. 1990-чу шарахь, къоман Гуламехь (ОКЧН), нохчаша кхайкхийра маршо, дуьненна а бовзийтира йозуш йоцу пачхьалкх кхолла болу шайн лаам. Делан дашехь нисдала а, мехкан дай хила а, ненан мотт дебо а, дайн г1иллакхаш ларда а, лулахь долчу къаьмнашца тешаме, лераме хила а, Дуьненаюкъараллин низам ларда а 1алашо йолуш яра нохчаша маршонна яьккхина и доьналлийн г1улч. Дала а, Дуьненаюкъаралло а елла бакъо яра нохчийн къам т1екхевдинарг.                                                                                                                                                                                                                                                                 

  1990-1994 шерашкахь «демократан» Россис а, цунна бохкабеллачу Зовгаевг1ара а, Хазбулатовг1ара а, Автархановг1ара а..., массо аг1ор беш инзаре боккха эшаме т1е1аткъам а боллушехь, жимачу турпала нохчийн къомо хаьржира дуьххьарлера Президент Жовхар Дудаев (Дала г1азотехь войла иза), йийцаре а йина, т1еийцира Конституци, кхоьллира йозуш йоцу нохчийн къоман ЧРИ пачхьалкх.

  Ямартлонаш, талораш, харцонаш, кхин а эшаме мел дерг леладарх г1уллакх а ца хилла, 11.12.1994 шарахь, луьра, къиза маса т1ом болийра «демократан» Россис, шен керла пачхьалкх ЧРИ когах1отто а, ч1аг1ъян а г1ертачу нохчийн къомаца. Шина шаре бахбелира и

т1ом. Нохчийн къоман яхь йолчу к1енташа, мехкарша, цхьа барт а болуш, шайгара доьналла гайтарца мостаг1анна дуьхьал бинчу т1амо, юьхь1аьржа а х1оттош, эшам белира йоккхачу Россина - х1ара дуьне теш а долуш.                                                      

  «Барт а болуш, бакъонца волчу кхаа стага-юрт яьккхина»-олуш, кица ду нохчийн. Нохчийн къомо барт а болуш, мостаг1анна доьналлийца дуьхьало яр а, Делера бакъонна орца кхачар а и ши коьрта бахьана дара - дуьххьарлерачу т1амехь нохчашна толам балар а, мостаг1 Нохчийчуьра аравалар а.

  Йоьхийна  г1аланаш а, ярташ а, эзарнашкахь г1азотехь кхелхина яхь йолу к1ентий а, мехкарий а, дайина маьрша адмаш а, бераш а, докъаза байнарш а, чолакх биснарш а, бисина зудрий а, байлахь дисина бераш а, кхин а – инзаре даккхий зенаш динера жимачу нохчийн къоманна дуьххьарлерачу т1амо. Доцца аьлча, боккха мах д1абеллера нохчийн къомо хьалхарчу т1амехь - шен маршо а, пачхьалкх а ларъеш.                                         

  Дуьххьарлера т1ом чекх а баьлла, шолг1а т1ом болабаллалц йолчу хенахь, маршонна г1евтинчу нохчашна юккъехь лелла доьхна мел дерг, дагардина вер а вац.

  Маршонна г1евттинчу к1енташна, мехкаршна хьалхабевла хилла цхьаболу баьччанаш, т1ом чекхбаьлча, къоман барт ч1аг1бан безачу меттана, шайн-шайна герзашца тобанаш а кхоьллина, вовшашна луьйш, маршонна г1евттинчу нохчашлахь барт бохош йолу г1улчаш яха буьйлира. Президенталла а, кхидолу а даржаш къуьйсучу царна, бицбеллера: бохийна мохк а, байлахь дисина бераш а, к1ентах, йоь1ах къаьстина да-нана а, чолакх-заь1ап бисинарш а, докъаза байнарш а... .

  Хьалхарчу т1емал а сов къизалла шеца хилла, шолг1а  масачу т1емах чекхдаьлла нохчийн къомехь долу хьал а дац — цхьа а воккхаве йиш йолуш. Бу, тахана а, нохчашлахь яхь йолу к1ентий, мехкарий, долчу хьоле а, г1оране а  хьаьжжина - къам маршоне кхачо къахьоьгурш. Уьш бу Даймахкахь а, цул арахьа а. Яханчу хенахь дийлина г1алаташ тидаме а оьцуш, барт лахабезачу меттана, маршонна юкъ йихкина нохчий цхьаалла йоцуш — боьхна, баьржина бу х1инца а.

  «Далла гергахь а, нохчийн къам дикане кхачо а ша-ша ву нийса некъ бийриг»- бохуш, шайн - шайна тобанаш а кхоьллина хьийза цхьаболу нохчий тахана а. Нохчийн къомо а, я цуьнан дукхахдолчу декъо а бакъо елла вац цу тобанийн куьгалхойх — цхьа а.

 «Барт боцучу меттехь, Далла Ше къинхетам, г1о хир дац»-боху, Везачу Дала. Дела къинхетам а, г1о хир доцу  меттехь, х1ун хир ду?!                                                                                                          Къоманна цхьа пайдехь дерг даг1ертарг а ца  вуьту цара — цунна  луьйш, иза сисазвеш. Мостаг1о, Россис, шегахь г1ор алсам хиларе терра, нохчийн къомаца лелолчу къизаллийна а, харцонна а Дуьненаюкъаралле букъ тохийтина - маршонна г1евтинчу нохчийн барт ца хиларо. Дуьненаюкъаралле бакъо д1акховдо цхьаалла ца хиларо - эшамехь а, г1елонехь а латтош ду жима турпала нохчийн къам.

  Къоман бала а, г1айг1а а йовзийтича: «Маьрша хила бакъо йолуш ду — шу нохчийн къам. Аша иза, кху т1еххьарчу 2-3 б1ешарахь, Россин империна дуьхьал маьрша хила латточу луьра къийсамехь, шайгара доьналла гайтарца — дуьненна а д1ахаийтина. Барт бац шун, нохчий. Барт ца хиларо, доккха зен ду шун къоманна деш. Шайлахь цхьа къастам бейша: шайна оьшург билгал а доккхуш, маршоне кхийдачийн цхьаалла а ч1аг1ъеш» - олу, вевзашволу кхечу къоман векало а, политико а. Маршонна г1евттинчу нохчийн барт ч1аг1бар, декхар а хилла, т1едужу х1ора нохчочунна — цхьаалла яцар къоманна эшаме хиларна.

  Нохчийн къомо кху т1еххьарчу 24 шарахь, мостаг1анна дуьхьал маьрша хила латточу луьра къисаман новкъахь хилла толамаш а, вайгара дийлина г1алаташ а тидаме а оьцуш, Европехь а, кхечанхьа а 1ар-дахар долчу Нохчийн Мух1ажарийн Къанойн Кхеташонан Декъахоша, хаамийн г1ирсех пайда а оьцуш, хаттарш а деш, дийцарш а, дагадовларш а д1адехьира

цхьацца ц1ераш йолчу нохчашца. Царна юккъехь вара ЧРИ Парламентан куьйгалхо ша лору Сараляпов Жалавди а, ЧРИ Президиум а кхоьллина, цуьнан куьйгалхо Идигов Ахьъяд а, ЧРИ Парламентан декъахо Исханов Хьусайн а, Даймахкал арахь кхоьллинчу ЧРИ Кабинет Министрин куьгалхо Закаев Ахьмад а. Маршонна г1евтинчу нохчийн цхьаалла хиларе сатесна, цхьайолчу меттигашка Делан дуьхьа доьлхуш, нохчашца къамелаш а дина. Царна юккъехь бу Делан дош девзарш а, яздархой а, политикаш а, мог1арера нохчий а. Доцца аьлча, Нохчийн Мух1ажарийн Къанойн Кхеташонан Декъахоша 2014 шарахь 4 - 5 баттахь динарг а, лелийнарг а - маршонна юкъ йихкина нохчийн барт хуьлу а, уьш цхьаьна хорша боьрзу а некъ лахар дара.

  Цу хьокъехь, лакхахь билгалдинарш а, билгалдаза диснарш а тидаме оьцуш, Европехь а, кхечанхьа а д1атарбеллачу Нохчийн Мух1ажарийн Къанойн Кхеташонан Декъахоша, компьютаран г1оьнца рог1ера бинчу Гуламехь, дийцарш а дина, т1еэцна сацам бовзуьйту лахахь:

 1. Нохчийн Мух1ажарийн Къанойн Кхеташонан Декъахоша билгалдоккху: Европехь цхьаболчу нохчаша кхоьллинчу тобанаша а, цу тобанийн куьйгаллехь берш вовшашна луьйш церан барт ца хиларо а — къомо маьрша хила тахана а латточу къисамна боккха эшам бар;

 2. Тобанийн куьгалхоша маршонан новкъахь тахханалц динчу а, дешдолчу а г1уллакхийн тидам а бича, Дуьненаюкъараллин урхаллашца а, бевзачу политикашца а церан юкъаметтигаш хилар а теллича, кхидолчийн а вай хьесап дича, ЧРИ Кабинетан Министрийн куьгалхочо Закаев Ахьмадас а, цуьнца цхьаьна болчу накъосташа а вайн къам маршоне кхачо Даймахкал арахьа хьоьгуш долу къа — нохчашна пайдехь хилар т1еч1аг1до. 2007 шарахь, вайна девзачу бахьанашца, Ичкери пачхьалкхан байракх, тиш а йина, лаьтта йожиначу хенахь, иза ойбуш, шена доккха жоьпалла т1елаьцна волу Закаев Ахьмад, шари1атехь а хьакъ хир ву - къоман маршонан боламан баьчча хила;

 3. «Мостаг1о, Россис, нохчийн къомаца т1ом бечу хьелашкахь, Парламент а, кхийолу ЧРИ пачхьалкхан урхаллаш а болх бан йиш йолуш ца хиларна, Жовхарас (Дала г1азот къобал дойла цуьнан)  куьйгалла а деш, кхоьллира ГКО (ЧРИ пачхьалкхан Лаккхара урхалла). Зелимхас а, Асланас а, Iабдул- Хьалимас а (Дала г1азот къобалдойла церан), цу Лаккхарчу урхаллин (ГКО-н) низам а лардеш, д1абаьхьира къам маршоне кхачо мостаг1ашца беш болу луьра къийсам. Вайна девзачу бахьанашца, цу Лаккхарчу урхаллийн (ГКО-н) болх сецна бу. Шеко йоцуш и коьрта бахьана ду, маршонна къахьоьгучу нохчашна юккъехь тобанаш кхоллаялар а, цхьаалла ца хилар а» - элира, ЧРИ Парламентан декъахо волчу Исханов Хьусайнас, Кхеташонан Декъахошца шен хиллачу къамелехь.

   Иза тидаме а оьцуш, ЧРИ Лаккхара урхалла (ГКО) юха денъяр — нохчийн къомо маьрша хила тахана а латточу къийсамна иза пайдехь хирг хилар ч1аг1до;

 4. ЧРИ Парламентан а, шен хенахь ГКО - н а декъашхо хилла Исханов Хьусайне, низам тергал а деш, ГКО-н болх юха меттах1оттор кховдадо Кхеташонан Декъахоша. Тахана маршонан новкъахь къахьоьгу Парламентан, Правительствон векалш а, иштта, кхиболу жигархой а оцу денъечу ГКО-н декъахой бар — пайдехь хир ду аьлла хета.

  Европехь йолчу цхьацца тобанийн куьйгаллехь болчаьрга а, цу тобанийн  декъахошка, бевзаш болу нохчийн политикашка а, маршонна юкъ йихкинчу х1ора нохчочуьнга а: хьалха, Делан дуьхьа, шолг1а, г1азотехь кхелханчу к1ентийн, мехкарийн дуьхьа, церан дай-нанойн, йижарийн, вежарийн, дисанчу байн дуьхьа, лакхахь бовзийтина, Нохчийн Мух1ажарийн Кхеташонан Декъахоша т1еэцна сацам, собаре а хилла -  къобал бар доьху.                                                                             Кхеташонан Декъахоша д1ахоуьйту: лакхахь шеш бина сацам нохчех цхьа а хьаьлаваккха а я охьаваккха а 1алашо йолуш бина боций а, маршо езаш болчу нохчийн барт хуьлу аг1о кхечу кепара гуш ца хилар а.

   "Харцо тоьлуш йоьду, бакълуьйш болу нах 1ад1ийча. Амма, церан 1ан йиш-м яц!"-шен хенахь аьлла боху, Турпал 1елас (Дела реза хуьлда цунна). Тахана, нохчийн къомехь долу чолхечу хьоло бакъо ца ло Нохчочунна, бехказлонаш а лоьхуш — тийна, таь1на юьстах латта. Цкъа а ца эшначу кепара, кху муьрехь, нохчийн къоманна барт оьшу. И барт хир бац - бакъонна накъостий вайх ца хилча. Маршонна г1евтинчу нохчийн барт ца хиларо деш долу зен — оза терза дац дуненчохь.

   Бакъо масийтта ца хуьлу. Иза цхьаъ бен яц. Европехь бакъонца кхоллаеллачу Нохчийн Мух1ажарийн Къанойн Кхеташонан Декъахоша д1ахоуьйту- шаьш бакъо езаш хилар а, бакъо гучаяьлча цуьнан накъостий хирдуйла а. Бакълен ойла йолчу нохчашка кхойкху, шаьш цкъа а бакъонна накъостий хирделахь, тахана, жима турпала нохчийн къоманна йоьхна, чолхе еаначу заманчохь, бакъдерг а олуш-Европехь  кхоьллинчу Нохчийн Мух1жарийн Къанойн Кхеташонан Декъахойн  накъостий  хиларе. Нагахь кху яздаршкахь: Делан дашехь магийнадоцуш а, Дуьненаюкъараллина зуламе а, нохчийн къоманна эшаме а долу алар нисделлехь — иза духаэца кийча бу Кхеташонан Декъахой.

Дерриг а хаар Делехь ду! Цо бакъонна т1ехь нисдойла нохчийн къам!

 Европехь а, кхечанхьа а д1атарбеллачу  Нохчийн Мух1ажарийн Къанойн Кхеташонан Декъахойн тхьамда - Хачукаев Сайд – Мохьмад.  26. 09. 2014 шо.                                                                                                                                                                                                                          

                                      


 

            Бисмил ЛахIир Рохьманир Рохьим!

                         Европехь а, кхечанхьа а д1атарбеллачу Нохчийн  Мух1ажарийн 

                                                                   Къанойн  Кхеташонан Декъахойн хилла  САЦАМ                                                                                                               

Кхо шо гергга хан ю,  Европехь а, кхечанхьа а 1ар-дахар долчу Нохчийн Мух1ажарийн Къанойн Кхеташонан Декъахоша, лакхахь д1атарбина сацам хаамийн г1ирсашкахула д1абовзийтина. Цу сацамна реза хилларш а, ца хилларш а бу.                                                                                 

  Кху т1аьхьарчу 3-4 баттахь, «Барт - Маршо» - аьлла, ц1е йолуш цхьа тоба ю: «Ичкери пачхьалкъ къобал а йо, иза парг1аъяккха маршонна къахьоьгучу нохчийн барт лаха нигат а ду» - бохуш, къахьегарца билгалъяьлла. Иза тидаме а эцна, Европехь а, кхечанхьа а 1ар-дахар долчу Нохчийн Мух1ажарийн Къанойн Кхеташонан Декъахоша, 17. 09. 2017 шарахь, шайн рог1ерачу Гуламехь дийцарш д1адехьира цу хьокъекхь.                                                                              

Оцу Гуламехь хилла сацам бовзуьйту лахахь:

 1. «Со бен вац бакъонца, соьгахь хилаеза хьалхе» - бохуш, эзарнашкахь нохчийн яхь йолчу к1енташа а, мехкарша а къам маьрша хилийта ц1ий 1енош, тахане схьакхачийна, уггара деза, къоман юкъара г1уллакх: шен дола даккха г1ертар а, цигехь хьалхе къийсар а — иза Дала а магийна дац, нохчийн г1иллакх-оьздангаллийца а (1адатца) даг1ац и. Иштта деза а, доккха а къоман юкъарчу г1уллакхана хьалхаваккха веза - хьакъ верг а, пайден хинверг а. Маршонна юкъ йихкина нохчийн барт хуьлу некъ лахар, мехала а долуш - х1ора нохчочун декхар ду;

  2. Европехь а, кхечанхьа а 1ар-дахар долчу Нохчийн Мух1ажарийн Къанойн Кхеташонан Декъахоша, 26. 09. 2014 шарахь, маршонна къахьоьгучу нохчашка барт хиларе кхойкхуш бина сацам ( иза лакхахь билгалбинарг бу), Нохчийн Мух1ажарийн Къанойн Кхеташонан Декъахоша юха а къобал бо: иза Делан дашехь нийса а болуш, Дуьненаюкъараллин 

низаманна дуьхьал а боцуш - цо нохчийн къам зуламе а, эшаме а йолчу кхане кхойкхуш ца хиларна;

 3. Даймахках а бевлла Европехь а, кхечанхьа а 1ар- дахар долчу Нохчийн Мух1ажарийн Къанойн Кхеташонан Декъахоша, шен хенахь, маршонна юкъ йихкинчу нохчийн барт лохуш хьегначу къинан а, цара т1еэцна бакъонца болчу сацаман а деш пусар доцуш,«Барт - Маршо» тобанан декъахоша тахана лелошдерг: нохчийн къоман г1иллакх - оьздангаллехь (1адатехь) баккхичийн а, кегийрхойн а хилаезачу юкъаметтиган лерам ца бар а, маршонна юкъ йихкинчу нохчашна юккъехь болу цатемаш кхин а совбахар ду;

 4. «Барт - Маршо» ц1е йолчу тобанан декъахошка а, маршо езачу нохчашка а, кхин цкъа а, кхойкху: собаре хиларе а, Нохчийн Мух1ажарийн Къанойн Кхеташонан Декъахоша 26. 09. 2014 шарахь т1еэцна сацам къобал баре а, иза кхочушхилийта къахьегаре а.              

  Аллах1е доьху: Ша резаволчу новкъахь нохчийн барт хилийтар а, халонаш а, баланаш а лайна жима нохчийн къам маршоне кхачор а!

 Европехь а, кхечанхьа а д1атарбеллачу Нохчийн Мух1ажарийн Къанойн Кхеташонан Декъахойн тхьамда- Хучин Ахьмад.   17. 09. 2017 шо.

Компании и фирмы Ярославля - http://www.rosorg-yaroslavl.ru